Хьомсара нохчийн къам! Советски Союзан Турплахочун Нурадилов Ханпашин ц1арахчу нохчийн пачхьалкхан драматически театро даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!
Мотт – иза къамел даран г1ирс хилла ца 1аш, къоман са ду, бахам бу, хазна ю. Шен маттаца бен кхуьийла дац халкъан кхетам, маттаца бен кхочийла дац кхиамийн лакхене.Дуьненахь уггаре а хазачу меттанех бу аьлла къастийнчу нохчийн меттан таронаш доза доцуш ю.Масла1атан мотт бу вайн мотт, эхь-бехкан мотт бу…Вайн маттахь бехк баьккхича, хастийча, йохье кхайкхича, хьаьстича дог ша-тайпа айло, ша-тайпа т1ома а долу. Дуккха а дийцина нохчийн маттах, дуккха а хестийна и, дуккха а иллеш а даьхна. Нохчийн сийлахьчу поэта Сулейманова Ахьмада аьлла: “Кхо х1ума ду кху дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшех даьккхича, кхуьй а леш –Даймохккий, ненан моттий, халккъий». Вайн маьршачу Даймахкахь вайн машаре мотт а буьйцуш, дуьне мел лаьтта а дехийла нохчийн къам! Дуьххьара кху лаьттахь нохчийн маттахь вистхиллачу нохчичун аз заманан паналлехь ца дойтуш, х1ара дуьне мел дозу а бекийла нохчийн мотт!