Нохчийн меттан де!

Лераме Мехкада Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Тахана Нохчийчохь дезде ду – дерриге а халкъо билгалдоккхуш ду Нохчийн меттан де. Иза хьан беркат ду. И де хIора шарахь даздеш ду. Хьо нохчийн мехкан а, меттан а, нохчийн культурин а тешаме гIарол ву. Ахь кIад ца луш доладо нохчийн къомана а, цуьнан гIиллакх-оьздангаллина.

Къизачу тIеман балех нохчийн къам кIелхьарадаккха орцахваьллачу сийлахьчу Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) ша мехкан куьйгалхо хаьржича, дуьххьара динчу гIуллакхех цхьаъ дара нохчийн маттахь арадолучу “Даймохк” газетан а, “Орга” журналан а болх меттахIоттор, ишколашкахь, институташкахь нохчийн мотт а, литература а хьехар дIадолор.

ХIетахь Ахьмад-Хьаьжас аьлла ду хIара дешнаш: “Нохчийн къам дехаш хиларан мокхазан чIагIо ю нохчийн мотт”. И дешнаш гуттаренна а дисна вайн къоман иэсехь. 

Нохчийн меттан дитто кIорга орамаш тесна Кавказан лаьттахь. Дуьненахь а бевзаш болчу Iилманчаша дийцарехь, нохчийн мотт лаьтта тIехь дуьххьара хиллачу цивилизацешкахь бийцинчу меттанех цхьаъ бу. ХIетахь дуьйна дIадевлла эзарнаш шераш. Амма нохчийн мотт дIа а ца баьлла, дIа а ца ийна кхечу меттанех. Иштта иза бисна, и мотт буьйцучу , хуучу наха Iалашбина дела. Амма ша-шех нислуш хIумма а дац дуьненахь, цхьана наха кхочуш ца дича. 

Вайн историн ехачу оьмарехь нохчийн маттана а, нохчийн халкъана а тIехIиттина тайп- тайпана кхераме киртигаш. Иштта киртиг яра 19 бIешаран шолгIачу эхехь, Кавказан тIом чекхбаьллачул тIаьхьа нохчашна тIехIоьтинарг. Амма вайн халкъ юьхькIам болуш чекхделира цу киртигах. Вайн махкахь хIетахь баьхначу эвлаяаша а, устазаша а боккха болх бира, махкахь хьуьжарш дIайоьллуш, царна чохь ислам дин вайн маттахь хьоьхуш, нохчийн маттахь жайнаш, назманаш язъеш. 

Нохчийн мотт, нохчийн гIиллакхаш а вайн даймахкахь бисинчара Iалашдина ца Iаш, хийрачу мехкашка дIабаханчара а Iалашдира, къаьсттина Иорданехь баха хевшинчара. Дела реза хуьлда царна, Дала сий дойла церан. 

Иштта хала а, къиза а хьал дара нохчашна тIехIоьттинарг – къам цIерадаккхар. Амма оцу дехачу кхойтта шарахь суьйранна вовшийн х1усамашка чугуллуш, нохчийн маттахь назманаш, иллеш олуш, Iеламнехан хьехамашка ладуьйгIуш, шен маттаца йолу зIе ца хадийра къомо. Цу заманахь мотт Iалашбарехь доккха гIуллакх дира нохчийн яздархоша а, Iилманчаша а. Иштта меттан Iилманча а, халкъан хьехархо хиллачу Джамалханов Зайндис дуьйцура, махках даьхна адамаш сингаттамо хьовзийча, ша царна нохчийн халкъан иллеш дагардора, йа Бадуев СаьIидан « Бешто» повесть дагахь йоьшура, цуьнца цхьаьна ладоьгIучеран дегнаш нохчийн меттан дешнашца хьостуш, достуш.

Тхан лераме Мехкада Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, ахь хаддаза доладеш цкъа а ца хиллачу кепара кхуьуш бу нохчийн мотт а, нохчийн литература а. Арахоьцуш ду нохчийн гIарабевллачу яздархойн жайнаш. Хьалакхуьуш бу къона яздархой, Iилманчаш. Яккхийчу тиражашца арахоьцуш ю церан говзарш, нохчийн мотт толлуш язбина Iилманан белхаш, тайп-тайпана дошамаш. Нохчийн мотт берийн бошмашкахь, ишколашкахь, дешаран массо хьукматашкахь хьехар, Iамор дийнера де мел дели талуш дIадоьдуш ду.

Доккха хазахетар хилла массо а стагана хIара ши эзар ткъе кхоалгIа шо Нохчийн меттан шо ду аьлла дIакхайкхор а. Цуьнца доьзна дуккха а гIуллакхаш ду вайн махкахь дIахьош.

Дела реза хийла хьуна, лераме Мехкада. Хьуна дика хаьа, вайн къоман хилларг а, хиндерг а Нохчийн маттаца доьзна дуйла. Дала шен доьхьа лорийла ахь вайн махкахь мел дешдолу дика гIуллакхаш. Дала Iалашвойла хьо!

© Пресс-служба ЧГДТ им. Х.Нурадилова
При перепечатке материалов, ссылка на сайт театра обязательна

image_pdfimage_print

Купить билет

по Пушкинской карте

Приобрести билеты Вы можете онлайн с помощью нашего удобного и легкого сервиса! Кликните по кнопке «Купить билет», выберите спектакль, места в зале и оплатите не выходя из дома любым удобным вам способом! Ждем вас в театре!
  • 10
  • 82
  • 2 704
  • 10 828
  • 203 263
Адрес
364031, Чеченская Республика,
г. Грозный, ул. Г.Угрюмова 73
Время работы

Пн-Пт 9:00-18:00

Кассы театра

8 (8712) 22-28-09

Copyright © 2021-2024. Чеченский государственный драматический театр им. Х.Нурадилова. Все права защищены.