С Днем чеченского языка!

Den Chechenskogo Yazyka

Лараме мехкан куьйгалхо Рамзан Ахматович! Хьомсара нохчийн къам! Советски Союзан Турплахочун Нурадилов Ханпашин ц1арах йолу Нохчийн пачхьалкхан драматически театро даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Мотт — иза къамел даран г1ирс хилла ца 1аш, къоман са ду, бахам бу, хазна ю. Шен маттаца бен кхуьийла дац халкъан кхетам, маттаца бен кхочийла дац кхиамийн лакхене. Дуьненахь уггаре а хазачу меттанех бу аьлла, къастийнчу нохчийн меттан таронаш доза доцуш ю. Масла1атан мотт бу вайн мотт, эхь-бехкан мотт бу… Вайн маттахь бехк баьккхича, хастийча, йохье кхайкхича, дог ша-тайпа айло, ша-тайпа т1ома а долу. Дуккха а дийцина нохчийн маттах, дуккха а хестийна и, дуккха а иллеш а даьхна. Нохчийн сийлахьчу поэто Сулейманов Ахьмада аьлла: «Кхо х1ума ду кху дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшех даьккхича, кхуьй а леш – Даймохккий, ненан моттий, халккъий». Вайн маьршачу Даймахкахь вайн машаре мотт а буьйцуш, дуьне мел лаьтта дехийла нохчийн къам!

© Пресс-служба ЧГДТ им. Х.Нурадилова
При перепечатке материалов, ссылка на сайт театра обязательна

image_pdfimage_print

НОВОСТИ

схема зала

Купить билет

по Пушкинской карте

Приобрести билеты Вы можете онлайн с помощью нашего удобного и легкого сервиса! Кликните по кнопке «Купить билет», выберите спектакль, места в зале и оплатите не выходя из дома любым удобным вам способом! Ждем вас в театре!
P Karta
Адрес
364031, Чеченская Республика,
г. Грозный, ул. Г.Угрюмова 73
Время работы

Пн-Пт 9:00-18:00

Кассы театра

8 (8712) 22-28-09

Copyright © 2021-2024. Чеченский государственный драматический театр им. Х.Нурадилова. Все права защищены.